Чулацаман тӀегӀо

Шахбулатов, Аднан Маккаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Аднан Маккаевич Шахбулатов
ГӀуллакхан тайпа композитор
Вина меттиг
Кхелхина меттиг

Аднан Маккаевич Шахбулатов (1937 шеран 25 ноябрь, Хьалха-Марта, Нохч-ГӀалгӀайн АССР — 1992 шеран 4 июнь) — нохчийн композитор[1], РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, М. И. Глинкин цӀарах долу Пачхьалкхан совгӀатан лауреат, Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат.

Биографи[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дешар[бӀаьра нисйан | нисйан]

Цо чекхйаьккхира Алма-Атан музыкин школа. Цул тӀаьхьа иза Алма-Атан музыкин училище деша вахара. 2-гӀа курсехь доьшуш хенахь иза Соьлжа-ГӀалин музыкин училище деша веара. ТӀаккха цо чекхйаьккхира Гнесинийн цӀарах йолу Пачхьалкхан музыкин а, хьехархойн институт.

СССР композиторан бертан декъашхо; Нохч-ГӀалгӀайн АССР композиторийн бертан хьалхара председатель; нохчийн а, гӀалгӀайн а эстрадан а, симфонин а, камеран а музыкин бухбиллинарг; Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан телевиденин а, радион а компанин симфонин оркестран куьйгалхо; хӀора шарахь хуьлу «ДоттагӀалин пластинка» цӀе йолу Къилбаседера Кавказан къона композиторийн конкурсан бухбиллинарг а, жюрин декъашхо а.

ЦӀераш[бӀаьра нисйан | нисйан]

РСФСР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Ленинан комсомолан совгӀатан лауреат, Глинкин цӀарах долу РСФСР пачхьалкхан совгӀатан лауреат.

1957 шарахь Шахбулатовс йазйина «Зударашна» цӀе йолу эшеран Зударийн шеран лерина Йерригсоюзан конкурсехь лерина совгӀат делира.

1973 шеран 29 октябрехь Орджоникидзехь Шахбулатов маше тӀетоьхна лазира. Цул тӀаьхьа цуьнан 20 шо меттахь даккха дийзира[2]. ТӀаккха ша мел йазйинарг цо меттара хьала а ца гӀоттуш йазйан дийзира.

Кхолларалла[бӀаьра нисйан | нисйан]

А. М. Шахбулатовс йазйин 800 сов произведени (эшараш, сюиташ, пьесаш, сонаташ, романсаш, кантаташ, театран лерина произведениш) Лермонтован, Магальянесан, Лоркан, Рубцован, Ахматован, Чахкиеван, Дикаеван, Кусаеван а, кхиболу поэтийн байташна.

Эшархой[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • В. Дударова куьйгалхо йолу Москохан симфонически оркестр
  • Ленинградский эстрадно-симфонический оркестр под управлением А. Бадхена;
  • симфонический оркестр Чечено-Ингушского ГТРК;
  • Кировский симфонический оркестр под управлением В. Раевского;
  • ВИА «Зама»;
  • вокальная группа «Лоам»;
СССР Халкъан артисташ
  • Исакова, Нина Сергеевна;
  • Чалаев, Ширвани Рамазанович;
  • Кобзон, Иосиф Давыдович;
  • Российн Халкъан артист Сергей Яковенко;
Российн Сийлахь артисташ
  • Нина Григоренко;
  • Сенчина, Людмила Петровна
  • Людмила Симонова;
  • Султан Магомедов;
  • Мовлад Буркаев;
  • Наталья Маркарян;
  • Мовсар Минцаев;
  • Димаев, Али Умарович;
  • Рамзан Паскаев;
  • Татьяна Сергеева;
  • Лейла Мусаева;
  • Яндиева, Тамара Хаважовна;
  • Вячеслав Ольховский;
  • Татьяна Васнецова;
  • Лиза Ахматова;
  • Имран Усманов;
  • Мустафа Имагожев;
  • Тамара Дадашева;
  • Михаил Петухов;
  • Сулейман Токкаев;
  • Марьям Ташаева;
  • Белорусин Сийлахь артист Светлана Стародетко;

кхибераш а.

Дагахьлаттавар[бӀаьра нисйан | нисйан]

А. М. Шахбулатован цӀе тиллина:

1993 шарахь цуьнан цӀе тиллира иза Ӏийна хилла Роза Люксембург цӀе йолу урам. 2000-гӀа шераш долалуш хенахь оцу ураман хьалхалера цӀе йуха а тиллира.

ХӀора шеран ноябрехь нохчийн телевиденис а, радиос а, Соьлжа-ГӀалин театран а, концертан а залехь хуьлу Шахбулатован лерина денош.

2007 шеран 27 ноябрехь Москвара халкъашна юккехар музыкин цӀа чохь хилира Аднан Шахбулатован лерина концерт.

2007 шарахь «Пробел-2000» арахецарехь арайаьллера Шахбулатовехь лаьцна книга «Шрамы на клавишах». Иза йазйинера Шахбулатован вашас Л. Шахбулатовс.


Доьзалла[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Зуда (07.06.1943) — Нохч-ГӀалгӀайн АССР исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн телевиденин режиссёр (ГТРК «Грозный Архивйина 2013-07-22 — Wayback Machine»)[3];
  • ЙоӀ — Шахбулатова Индира (09.10.1965 — 28.01.2009)

Литература[бӀаьра нисйан | нисйан]

  • Шахбулатов Л. Д. Шрамы на клавишах. — Москва: Пробел-2000, 2007. — 122 с. — ISBN 5986041062.

Билгалдахарш[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажоргаш[бӀаьра нисйан | нисйан]